Самоучитель чеченского языка | страница 71




Адъютант дукха маса неІарх ара а иккхина, Чеченский ва-лош схьавеара. Кутузов шен цхьана бІаьрга леррина хьаьжира цуьнга. ТІаккха элира:


- Герга воьл, герга, сан диканиг, - Денисе аьллачу деш-нашца хьаьстира цо Чеченский, мара а вуллуш- Юха, массаьрга а хьожуш элира: - Со чІогІа дагна тоам хилла ву, аш дечу гІуллакхах. Шуна зеделлачо гайти суна, партизански тІамо мел пайда бохьу, мостагІчунна зенаш мел дин а, мел до а, мел дийр ду а хаийти…


Коьртакомандующи соцунха хилира. Иза кресло-гІанта охьахууш, Давыдовс элира:


- Хьан сийлалла бехк цабиллар доьху, оха, хІокху бедарца хьайна хьалха хІиттарна. Кутузов велакъежира.


- ТІом халкъан бу, сан хьомениг, аш дийриг дерриг а нийса ду. Суна бен ма дац, цхьаннан коьртахь кивер а йоцуш, куй хилар а, кхечуьнан, мундира кІел а доцуш, кетара кІел детта-луш дог хилар а- Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ гІатто

хаар.


- Оха ца гІовттийна адамаш, мостагІчуьнга болчу цабезамо гІовттийна уьш, - элира Давыдовс. - Хьан кхайкхамна жоп луш, ахархой берраш а гІевттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостагІчуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бехк цабиллар доьху хьоьга, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.


- ХІумма а дац, хІумма а дац, - синтем лущ. корта тесира Кутузовс. - Омра кхачаре хьоьжуш Іен хан ма яц вайна, даймохк кІелхьарабаккха беза хІораммо. Цхьа бехкам бийр бу ас шуна, шаьш язъечу донесенеш тІехь уъш ма хьехаделаш… Цул тІаьхьа Чеченскийгахьа вирзира Кутузов.


- Чергсийн мотт хаьий хьуна?


Оцу хенахь кавказхойх массарех а олура чергсий.


Чеченскийс жоп делира:

- Нохчийчуьра схьавалош, со жима вара. Россехь кхиийна со, сайн ненан мотт бицбелла богІу.


- Суна хазарца, хьуна цIе тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх?


- Ву те, сан гІайгІа беш, со шена тІелаьцнарг и ву.


- Со воккхаве Николай Николаевичах, тІеэцна кІант цуьнан ишта хиларх!

ЦІа чу велира, карта а, кехаташ а дохьуш, полковник Толь.

Давыдоввий, Чеченский, Храповицкий, Іодика а йина, араве-лира. Цигахь бевзаш болчу а, боцчу а штабан эпсаршна юкъ-анисбелира уьш. Берраш а бара, фельдмаршало цаьрца хІун дийцира, хаа лууш.


Тохара Нижегородски драгунски полкехь шеца цхьаьна гІуллакх деш хилла Павел Барэновский гира Чеченскийна. 1796-чу шарахь Дербент йсжкхуш хиллачу тІамехь дакъа а лаьцнера шиммо а. Ший а дукха къона вара хІетахь.


- Ма дагахь дацара суна, Александр, хьо кхузахь гур ву, аьлла.


- Хьуначул башха, Павел, суна а! Ший а мар-мараиккхира, велавелира.


- Хьо хьаннашкахь тІом беш ву, бохург хезнера суна. Накха а бу совгІатех буьзна, - даггара воккхавера Павел. - Шиъ Аннын орден, бантаца Владимир, Георгий… Шортта ю. Декъал-во ас хьо! - кхин цкъа а мэравоьллира цо иза.