Самоучитель чеченского языка | страница 70




Говрахь тІевеара цунна Александр Чеченский.

- Хьо стенга ваха кечвелла?


- Кхуза гена воццуш, хьуна цІе тиллина, Николай Николаевич ву бохург хезнера суна. И ган ваха воллу.


- Со ца вуьгу ахь хьайца?


- Вайшиъ ший а отрядана тІера валар ца дезара суна. Хьо бухасецча дика хир дара.


- Дика ду ГІуо хІета, соьгара маршалла а ло.


Давыдов дІавахара.


Сарахь юьрта чу юьйлира отряд. Интенданташка дІаделира йийсарш а, даьккхина герз а. Къаьсттина чІогІа баркалла бехира жижигана бежнаш далорна.


Мохь дІабаьлла яйелла отряд Красни-юьртахьа новкъа елира. Смоленскана дехьа яра иза. Хаамаш кхаьчнера, вухаволуш волчу мостагІчо цигахь баккхий ницкъаш гулбо, бохуш. СадоІуш хан кІезга а йойуш, хьалхахьа дІаоьхура отряд.


ШолгІачу Іуьйранна шело хІоьттира- Ло а догІура. Цхьана юьртахь садоІуш отряд Іаш, тІаьхьакхиира Денис Давыдов. Сиха хеттарш динчу цунна хиира юьртахь лаьтташ инарла Дохтуров хилар. Иза Суворовца цхьаьна тІемаш бина, майраллина цІе яхана инарла вара. И ган ваха сацийра Давыдовс.


Хазахийтира къеначу инарлина, Денис веана.


- Воккхаве, чІогІа воккхаве со хьох. Хезна суна хьан хьуьнарш дуьйцу.

Инарла Іуьйранна хІума яа охьахаа воллуш вара. Цо щеца охьахаийра хьаша а.


И шиъ стоьл тІехь хІума юуш Іаш, говрахь казак кхечира. Инарлин адъютанта хаийтира, фельдмаршала ша волчу кхойкху Денисе, аьлла.


Хазахетта тохаделира Денисан дог. ХІума яар юкъах а дуьтуш, сиха хьала а гІаьттина, инарла Дохтуровга шена бехк цабиллар а дехна, аравелира иза. Циггахь бІаьрг кхийтира цуьнан новкъа говр хаьхкина вогІучу ротмистрах Чеченскийх.


ТІе ма-кхаччара говр юхауьйзира цо.


- Вайга сийлахьчу эло Кутузовс кхойкху! Храповицкий хьал-ха дІаваха, суна тІе хьох кхетар а диллина, - элира цо сиха, воккхавер лечкъа а ца луш.


- ХІинцца элира соьга, - хаийтира Давыдовс- Эццахь шена тІерачу бедарх бІаьрг кхийтира цуьнан- - Ванах, хІокху бар закъца цунна хьалхахІотта бегІийла ма дац… делахь а, и кхетар ву! ТІеюху бедар хоьржу зама яц хІара! Вало! - олуш. говра кхоссавелира Давыдов.


Ахархочун цІа чохь вара Кутузов. Смоленщинехь долчу кхечу цІенойх къаьсташ дацара и сеццарш.


Давыдов, чоьхьа а ваьлла, неІсагІехь вулавелира.


- Схьавоьл, схьавоьл, сан диканиг… Хьо юххера вовза лаьа суна, даймахкана ахь даьхначу хьуьнаршна хьуна баркалла ала а лаьа!


Оцу дешнашца веза хьала а айбавелла, шен кІанте санна, Денисе а хьаьжна, тІаккха маравоьллира цо иза. ЦІеххьана, цхьаъ дагадеана, вухахуьлуш дІаса а хьаьжга, хаьттира Кутузовс:


- Мичахь ву и Чеченский? И ма ца го суна? Дукха хезна суна цуьнан майраллех а, цуьнан хьуьнарех а. И ган лаьа суна!