Самоучитель чеченского языка | страница 69
Цунна дуьхьал я иза магош а, я доьхкуш а паччахьера жоп ца кхачарна, фельдмаршала кхин а къастийра мостагІчун тыле дахийта эскаран дакъош, коьртехь тІаьхьо гІарабевлла коман-дираш а болуш: Фигнер а, Сеславин а, Ефремов а, Черногубов а.
Ахархойн отрядаш шортта шайна тІе а ийзош, хІора дийнахь бІеннаш мостагІий юкъара бохура цара.
ХІора отрядана фельдмаршало ша къастийра район. Цигара дІасхьа ца бовлуш, тІелетара партизанаш мостагІчунна дийнахь а, буса а, Наполеонан когаш кІелхьара латта догура, Кхочу хаамаш синтем луш бацара.
ОьгІазъоьхура Наполеон. Цхьана а инструкцехь хьахош боцу тІом бара партизанаша болийнарг. Испанехь-м бара ца соцуш кху тайпана берг, делахь а цигарниг дицдинера Россис.
Дерриге а халкъ дара гІоттуш- Нуьцкъала яьккхинарг бен, мостагІчунна яахІума а, говрашна хІоъ-докъар а дацара. Ницкъана дуьхьал ницкъ баккха доладеллера оьрсийн халкъ. Зударий-м дера бара гІевттинчу отрядийн коьртехь.
- Къинхетам ма бе! Къинхетам ма бе! - бохуш, омраш дора Наполеона!
Хьанах бийр бара къинхетам, и бар доьхуш цхьа а ца хилча, схьалецначу гІаланашкахь, ярташкахь бухасоцуш цхьа а ца хилча?
Тамашийна къам ду!
Чеченский ган лаьа Кутузовна. Шайна тІедехкина коьрта декхарш цхьана а минотана диц ца деш, Денис Давыдов сeцийра оьрсийн эскаран коьртачу ницкъашна герга таIа. МостагІ, цхьа а порядок йоцуш, вухаволуш вара. ХІумма а тера дацара цуьнан вухавалар, тохара кІоргга ойла йина, кІезиг долчу хІуманан а гІайгІа бина Кутузовн вуха-валарх. БІаьрг мел кхетачохь Іохкура дІакхиссина гІудалкхаш, ворданаш, механа еза хІуманаш.
Мотиславски новкъа отряд яьлча, партизанаш гІадбахана хазахеташ бара. Дикка хан яьллачул тІаьхьа шайн эскарх дІакхийтира. Эшна доцчу, ткъа мелхо а толам баьккхинчу эс-карх! Шайн хьомечу махкара мостагІ къинхетам боцуш лоьх-куш, садаккха хан ца юьтуш, догІура иза. Европерчу пачхьал-кхашна, Наполеонан цхьа цІе яьккхича а, тоьура бего, боьхна дІасабаржа, мохо лаьллина кІур санна, тІепаза бІо бан, ХІинца иштта полководец хьалхаверзийнера.
Партизански отрядана чІогІа оьшуш дара авангардана хьалха хила йийсарех а, трофейни хІуманех а мукъаялар. Обозехь ши бІе сов бежана а дара, мостагІчуьнгара кху тІаьхьарчу дийнахь схьадаьккхина, Шайн эскарна жижиг чІогІа оьшур дара-кх, бохура партизанаша.
Гена доццуш лаьтташ инарла Раевскийн эскарш ду бохург хезнера Давыдовна, Шен метта отрядана тІехь подполковник Степан Храповицкий а витина, инарла шен гергара стаг хиларе терра, и ган ваха сацийра цо.