Самоучитель чеченского языка | страница 68




- Ву боху хьан сийлалла. Долчунна даре дан деза, майрачу къомах ву иза, - элира дежурни инарлас. - Кхин цхьа масал а ду, нохчо Россина гІуллакх деш хиларан.


- Дийцал, дийцал, - гІентахь меттахъхьайра Кутузов, ладогІа кечлуш. Хилла долу, истори юкъа дахана хІуманаш дезаш, хаа лаьара цунна гуттар а.


- Дикка хьалха хилла иза. ХІинца дагадогІу суна, цхьанхьа-м дийшира ас. Тохара польско-литовски шляхтичаша, тІе а летта, Москва дІалацар, исторехь дуьйцуш, хьуна а, хьан сийлалла, хууш ду.


Корта тесира Кутузовс.

- ХІетахь мостагІчух Москва, Россия паргІатйоккхуш доккха гІуллакх дина Нижегородски думо. Цу хенахь цигахь вехаш хилла эла Черкассм/ІЙ Дмитрий Мамстрюкович>1(>1 М. Н. Загосткина шен «Юрий Милославский» цІе йолчу романа тІехь а, революци хилале хьалха ваьхначу историка М. С. Соловьевс а шен оцу романах лаьцна язбинчу балха тІехь а Черкасский Д. М - нохчо хилар яздо), нохчех схьаваьлла а волуш, Цуьнан цІенош чохь гулъелла хилла дума кхеташонна. Цу чохь цо аьлла боху: «Москва схьаяккха цавогІург, ямарт стаг а, шен халкъ, мохк мостагІчунна дІабелларг а ву». Ткъа цу чохь хиллачара массара а жоп делла: «ДогІу ихо», - аьлла. Октябрь баттахь 1612-чу шарахь Нижегородски ополченис Москва схьаяьккхира, Кремль чу уьш боьлхуш, коьртехь говрахь вогІуш эла Дмитрий Михайлович Пожарский хилла, цунна аьтту агІор говрахь вогІуш эла Черкасскй хилла, аьрру агІор ~ Минин. Ишта истори юкъа вахана-кх Черкасский Дмитрий Мамстрюкович.


- Ша винчу махкана санна, хьанал хилла иза Россина.


- Хилла те, Вайн Чеченский а ву ишта.


- ПаргІатехь и ган, юххера вовза хьожур ву со. Дикка самукъадаьккхи ахь сан, цхьана минотана мукъана, - даг тІе куьг диллира Кутузовс, - махкана тІе беана бала кхузара байбеш.


Дежурни инарла тамхилла жимма дІатийра. Ойланашка ваьлла Іара ший а. Тийналла эххар а йохийра дежурни инарлас:


- Хьан сийлалла, кхин мила вахийтича бакъахьа хета хьуна мостагІчо дІалецначу меттигашка?


- Инарла-майор Дорохов ма вара соьга доьхуш. И вахийта а мегар ду

Дежурни инарла араваьлча, бІаьргаш а хьаббина, ойланашка ваьлла Іийра Кутузов, и гиначунна наб еш ву а моьттур долуш.


ДІаделира масех де. Красни Пахре Кутузовга рапорт кхечира инарла-майорера Дороховгара: ялх эпсар а, ши бІе могІара салти а йийсаре валийна аьлла дара цу тІехь,

ТІаккха Петербурге паччахье кехар яздира Кутузовс, ша мостагІчун тыле эскаран дакъош дахийтар а, церан кхиамаш а буьйцуш. Паччахьана ца дезачу дашах «партизанех» ларлущ, яздира кехат.