Самоучитель чеченского языка | страница 65




Дукха хан ялале и ши гІаларт гучуделира, и шиъ - Бештой, Бетий вара. ХІара шиъ, хьалхаяларех къуьйсуш говраш хаьхкича санна, чехка вогІура, говрашна хьацар чІогІа даьллера. Амма Бештон говрана хьацар къаьсттига чІогІа даьллера, кІотарахь беро а и хехкарна. Цунна даьлла хьацар, кІайчу чопане дирзина догІура.


ХІара шиъ, кест-кеста шайн гІонжагІехь дохкучу вертанех куьйгаш а Іуьттуш, куйнаш охьа а теттина, вовшашна тІеттІа таьІІина вогІура, говрийн кхесийн даххаш чІе чІенгаш йохккуш, бертал а вахана.


Бешто шен говр чехка яхарх ца Іебара, кхо юкъ-юкъа го-лашца шен говран йора дегІ Іуьйдура. Кхуьнан кийра цІе яьл-лера шаьш новкъа ваьллачул тІаьхьа, шега Бетас нана цамгар-на гІелъелла аьлчахьана.

С. Бадуев


Ленинан Октябрь


Заманаш, къанделла

ГІуллакхаш хийца,

ДІадаьлларш, тІехиндерш

Халкъашна дийца,

Лакхарнаш биссаба,

Лахарнаш айба,

Бакъоне некъ гайта,

Харцонаш яйа,

Дай Іамо,

Вай Іамо,

Хинйолу тІаьхьенаш Іамо,

Хиллера дуьнен тІе

Ваьлла вайн Ленин!

Дерриге дуьненахь,

Ерриге хенахь

Ницкъ болчо ницкъ боцург

Іазапехь валлор

ДІадаккха йиш хилар

Ца хеташ генахь,

Вайн кхоллам паччахьо

Шен буйнахь баллор

ДІадаккха,

Ткъа тІаккха

Дуьненна гайта и, лаккха

Октябран байракх ву

Айбинарг Ленин!


Октябрехь болийна

Вай махкахь къийсам

Халкъашна ленйоцу

ПаргІато яккха,

Хийла мохк бу иштта

Октябран къийсам


Шайн цигахь бан Іемаш,

Халкъ маршадаккха.

Кхоьллинарг,

Кхиийнарг,

Кхиоерг Компарти, -

везнарг -

Хилла ву, волуш ву,

Хир а ву Ленин!

БІешераш хьалхарчу

Римера дуьйна

Вайн хене кхаччалца

Пачхьалкхаш, хьовса,

Историн агІош тІехь

Шу герга юьйла,

Халкъашна цхьабосса

Ирс далар къовса!

Хилла бац,

Хир а бац,

Тхан некъал нийса некъ хир бац!

Октябрехь ирсан неІ

Йиллинарг - Ленин!

Батта тІе тоха-кха

ЖІов-маьрсан байракх,

Ленинан, Октябран

Безамна аьлла,

Тоьург хир яцара

Ламанийн гІайракх

Дагна ма-лаъара

Памятник ялла!

ТІам тоха,

Мохь тоха,


Сан стих, ахь: йиш яц хьан

Хьо йинарг,

ницкъ белларг - йоха,

Октябрь - Ленин!


/. Мамакаев


32. ЕЩЕ РАЗ О ЧИСЛИТЕЛЬНЫХ


1. Просклоняйте по падежам числительные: шиъ, диъ, ялх, бархІ, итт, шийтта; подчеркивая окончания.


2. Выпишите из данных числительных сложные и составные: цхьаъ, шиъ, цхьайтта, диъ, пхиъ, шийтга, ялх, ворхІ, дейтта; бархІ, пхийтта, шовзткъа, итт, кхузткъа, дезткъа, ткъе цхьаъ, ткъе диъ, ткъе ялх, ткъе исс; бІе ткъе исс.


3. Образуйте порядковые числительные от следующих коли-чественных числительных: цхьаъ, кхоъ, пхиъ, ворхІ, исс, цхьайтта, кхойтга, пхийтта, вуьрхІитта, ткъайоьсна; подчеркнув в них суффиксы.


4. Просклоняйте сочетания с числительными: ткъа стаг, шийтта говр, бІе ткъе кхойтта уьстагІ, йолхалгІа класс, ткъе уьтталгІа номер.