Самоучитель чеченского языка | страница 61




Цу сарахь Бикатус Іусаме ца элира:


- Іусама! Хьуна а ма-хаъара, сан дай, наний а дац, йижа-рий, вежарий а бац, и цхьа деваша воцург. Цо, Іусама, со хьоьга ца яла а, яхча мегар дац аьлла а дуй биина-кх. Суна-м ца хаьа, айса хІун дийр ду, суна-м хьо хьашт а дара, веза а везара, хьо юьхьІаьржа ца хІоттаварал совнаха, хьо сайна дукхавезарна, хьоьга едда а йогІур ма яра со-м, Іусама, тІаккха сайн цхьаъ бен воцчу девешех йолу-кх со ТІаккха цо со керта а юьтур яц-кх. ХІун де аса, Іусама? Со-м ахьа бохучунна реза ю, делахь а, хьуна хаа-м деза, со хьоьга еанчул тІаьхьа, хІокху дуьненахь суна гІо оьшучу меттехь гІо дан, орца оьшучу мет-техь орцах вала, сан, хьо воцург, кхин стаг хир воцийла, - аьлла.

Цу сарахь ца элира Іусамас Бикатуга: «Бикату! Хьо соьга еача, хІокху дуьненахь хІума оьшур дац хьуна. Хьо соьга еача, цкъа хьан майра хир ву со, бохам я зен хуьлучу заман чохь хьуна хьан ден метта а, хьан вешин метта а хир ву со».


С. Бадуев


* * *


Ша дукха а везна, шех теша а тешна шега еана гІийла зуда дала орца доцуш хІаллакьхуьлучу заман чохь, и кІелхьараяккха Іусамина эхь хІунда хийтира теша?


Іусамас Бикату кІелхьараяьккхича, Арсанакъас и кхайкхор вара?..


Нагахь цо и кхайкхийча, Іусамин дегІах меже южур яра?..


И гІарадаьлча, Іусама шен лаьттан болх ца балуш вуьсур вара?..


Нагахь Іусамас ша кІелхьараяьккхича, Бикату, Іусамас, хІинцалц санна, «Бикату! Бикату! Дела ма дала вайшиъ кеста! Дела ма дала вайшиъ хан йоцуш», - аьлча, «ма дала те, дера ма дала, Іусама!» - аьлла, мара эккхар яцара?


Дешархо! Айса цу шиннан къамел мел дахди, сан коьртан хьийзар алсамдолуш лаьтта.


С. Бадуев


Новые слова:


чуйожа упасть

Іин ущелье

уккал загривок

бос цвет

эга трястись

гІаравала стать известным

гІу колодец

юьхьІаьржа хІотта опозорить, оскорбить

орцахвала придти на помощь

хІаллакьхила погибнуть

меже часть тела


29. 0 СЛОЖНОМ ПРЕДЛОЖЕНИИ


В чеченском языке сложные предложения могут быть союз-ные и безсоюзные, например: Юург - дегІан кхача, наб - син кхача (пословица). - Еда - пища тела, сон - пища души. Нагахь сарахь хьо со волчу вагІахь, вайшиъ театре гІур ву. - Если ты вечером ко мне придешь, мы сходим с тобой в театр.


В чеченском языке различаются придаточные предложения:


1. Дополнительные: Селхана суна хиира. Тамара хьехар-хойн училище деша еана хилар. Вчера я узнала, что Тамара приехала учиться в педучилище.


2. Подлежащие: Иза цкъа гинчунна, цхьанна а виц ца лора и. Тот, кто раз его увидел, уже его не забывал.


Обстоятельные придаточные предложения подразделяются: